– Далла бу хастам, хьо дийна висарна, – элира Федора Тимофеевича, лоьраца шен къамел хилча. – ДуьххьалдIа са чIогIа а хилла, ца леш висина хIара. Селхана тхо тIекхаьчначу хенахь xIapa гинарг хIокхуьнан къина воьлхур вара. Хьанна моьттура, xIapa дийна вуьсур ву? ХIинца, Хьамзат, дийцахьа воккхачу стагана тахана митингехь вайн хилла къамелаш. Алахьа цуьнга цига гулбеллачу оьрсийн а, нохчийн а къинхьегамхоша Iедалан и Iаьржа гIуллакхаш бехке до. Оьрсийн къинхьегамхойн, со санначу къечу гIалагIазкхийн цхьа а тайпа хьагI-гамо йац нохчашца. Мелхо а, шуна улло а хIиттина, паччахьан Iедална дуьхьал къийсам латто, иза дохийна дIадаккха, шуна а, тхайна а маршо йаккха, цхьа вежарий а хилла даха лаьа тхуна. Къийсамехь вай цхьаьнакхетча, шена дуьхьал мел боккха ницкъ хир бу, хаьа Iедална. Цундела шен ма-хуьллу вайна йукъахь мостагIалла кхолла а гIерта. Селхана оцу гIалагIазкхаша динарг дан шайна дага а ца деана. Iедало ахча а делла, хьерабовллалц къаьркъа а малийна, нохчашна тIехецнера уьш. Ткъа муьлш бара и гIалагIазкхий? Къуй, талорхой, адамашдайархой, цхьана дашца аьлча, куьйгаш гоьллелц цIийх дуьзна зуламхой. Лецна лаьттина а, шуна тIехь и акхалла йийриг набахтера арахецна а. ХIокху махкахь а, йерриг Россехь а халкъ паччахьна, Iедална дуьхьал карзахдаьккхинарш ламанхой, жуьгтий, эрмалой, кхиболу инородцаш а бу бохуш, церан лерехь зурма а лекхна. Шу оьрсашна, yггap хьалха, гIалагIазкхашна дуьхьал ду, оьрсий, гIалагIазкхий хIокху махкара дIалахка шу гIевттина бохуш. Уьш дерриг а Iедалан, хьолахойн, черносотенцийн питанаш ду. Цхьаболчу нохчаша зуламаш до гIалагIазкхашна а, муьжгашна а. Ткъа гIалагIазкхаша а, салташа а бехк-гуьнахь боцчу нохчашна таIзарш до. Селхана санна. И шиний агIорхьара зуламхой ца совцалуш ма дац Iедал. Цунна ца лаьа уьш совцо. Мелхо а, гIалагIазкхашна герз ло нохчашна дуьхьалдаккха. Вукху aгIop, нохчийн зуламхой таIзарза маьрша буьту. Цаьрга оьрсашна зуламаш дайта. Нохчийн а, оьрсийн а барт ца хилийта. Царна йукъахь машар ца хилийта, мостагIалла латто. Амма вай мостагIий дац, хир а дац цкъа а! Паччахь а, хьолахой а, церан Iедал а ду вайн йукъара мостагI. Цундела, тешалахь, сан доттагI, догIур ду цхьа сирла де, и вешан йукъара мостагIий вай аьтта дIа а баьхна, цхьана ден-ненан доьзал, цхьа вежарий хилла, бертахь, машаре, ирсе дехаш!
Хьамзата и къамел гочдича, охьа а хиъна, хIусамден куьг лецира Янаркъас.
– Хьамзат, алал хIокху шинга, нохчий кху дерригенах кхета боьлла. Оха цхьана а хIуманна бехке ца до оьрсийн халкъ. БIеннаш шерашкахь тхо хIаллакдарна а, тхоьгара маршо дIайаккхарна а, тхуна тIехь къиза Iазап латторна а, селханлерчу акхараллина а бехке паччахь а, хьолахой а, церан Iедал а дуйла, хаьа тхуна. Паччахь а, хьоладай а, и селханлера зуламхой а – уьш ма дац оьрсийн халкъ. Оьрсийн халкъ – иза шуьшиъ а, Сопият а, селхана суна уллохь эткаш йухкуш лаьттина миска оьрси а, шу саннарш а ду. Иштта, ахь санна, дийцира тхуна тхан йуьртарчу Iелас а, Овхьада а. Нагахь санна цаьршиммо дуьйцучух селхханалц сан шеко хиллехь, иза хаза кхоччуш дIайаьлла. Баркалла шуна. Аш Iожаллех со кIелхьарваккхарна ца олу ас и баркалла, ткъа шаьш суна довзийтарна, аш соьца лелийнчу гIиллакхна, шун оьздангаллина, аш сан даг тIера шеко, мекха дIайоккхуш, сан дог цIандарна. Суна дика хета селхана сайна йеттар. И де ца хиллехь, сан аьтто хир бацара шу довза…
Бераллехь дуьйна цкъа а бIаьргех хи ца даьллачу Янаркъин ши бIаьрг тIунбелира, балдаш дегийра. Шен осалвалар царах къайладаккха, гIайби тIе дIа а тевжина, йуьхь пенехьа йерзийра цо.
Хьамзата хиттира цуьнга мила ву а, мичара ву а. Янаркъас дийцира ша Нохчмахкарчу Гати-Юьртара хилар а, ша базара варан бахьана а.
– Доьзал буй хьан?
– Йоккха стаг йу. Доьзалхо а вац тхойшиннан. Ваша а, шича а вац.
Хьамзата ойла йира.
– XIapa сан хьеший оьрсий Iаламат дика адамаш ду. Делахь а, хьо кхузахь витар гIиллакхе ца хета суна. TIe, хIорш гаттехь, хала бохку. Говрийн гIудалкх а лаьцна, со волчу хьо дIавуьгур ву ас. ТIаккха гIала веана шун агIорхьара стаг лехна, хьо кхузахь ву, хьуна са ма гатде аьлла, хабар а тухур ду. Хьо гIатталучу хьоле ваьлча, хьан цIа дIа а вуьгур ву.
Янаркъас, паргIатваьлла, доккха садаьккхира.
4