– Дала сий дойла хьан, Дела реза хуьлда хьуна! – хьалагIеттира Iалигира.
Бай тIехь керчаш, шен чо а лаьцна, воьлуш Iуьллура Чора а.
– ХIан, вало хIинца, ахь и бат дIайихкина ца хиллехьара, пIаьлдиг ца бохош, баста а мегарий цо-м, – элира Iалигирас.
Схьаэцна пIаьлдиг тIома кIел а лаьцна, новкъа велира Чорий, Iалигирий.
– Ва Чора, – элира Iалигирас, – суьйранна хин коьрте вогIур ву ма аьллера вайшимма хьо тIехьийзаш йолчу Мисалмате. ГIур вуй вайша?
– Деллахь, Iалигира, ца хаьа суна-м, хIун дича бакъахьа хир ду, – элира Чорас. – И йоI вай бохург дийр долуш а ма йу, делахь а, суна новкъа деанарг цхьа кхин ду. Гой хьуна, хьуна а хаьа и суна санна. Мисалмат ша вуон йоI йацахь а, цуьнан нана йара дош олуьйтуш. Дикачу къонахаша шайн дахарехь цкъа бен ца боккху ког, суна а луур дацара шозза баккха.
– Хьуо иштта дика кIант хета хьуна?
– Дера, бедарна беркъа велахь а, хьолана къен велахь а, сина декъаза велахь а, дог-м ду хьуна сан къонахийн долччохь, да вон кIант а ма ца хилла хьуна сан. Цундела Чорин зуда иштий-вуьштий хилла бохург лалур дац-кх соьга.
– Дера, Чора, хийла дикачу ден вуон кIант кхиъна а, вуочу ден дика кIант кхиъна а, вуочу ненан дика йоI кхиъна а дуьне ма ду хьуна хIара. Вайшиннан хила ца мега-те и аьтто?
– Ас цхьа хIума дуьйцур ду хьуна, – элира Чорас. – Цкъа мацах вехаш хилла, бах, цхьа кхо ваша. Воккхаха волчу шимма, жимахверг гIийла хеташ, даима а жана тIаьхьа лоьлуьйтуш хилла. Шена миска стаг ма-гиннехь, цунна уьстагI луш хилла цо. ТIаьххьара а цхьаъ бисча, вежаршна хаа а хиъна, и цхьа уьстагI бен, кхин хIума ца луш, кертара араваьккхина цушимма иза. И шен уьстагI а бажош хIара лелачу хенахь, цхьа миска стаг а гина, цунна шен тIаьххьара уьстагI дIа а белла, дуьне мел ду дIаваха новкъа ваьлла, бах, и кIант. ТIаккха Дала малик даийтина цунна тIе, ахь доьхху хIума лур ду Ша хьуна аьлла. Деанчу малико дIааьлла, Дала иштта бах хьоьга, аьлла. Бакъахьа ду, аьлла кIанта, ша цIа а вахана, вежаршка а хаьттина, йухавогIу. Амма цIа вахча, шина вашас: «Ва Iовдал, хьо волчу догIур дара малик?» – аьлла, араваьккхина, бах, и кIант. ХIара корта а оллийна схьавогIуш, цхьа воккха стаг кхетта хIокхунах. КIанта дIабийцина шегахь болу бала. ТIаккха воккхачу стага аьлла: «Цхьана исс эзар цIе йогучу йоккхачу шахьарахь вехаш Iаш кхо ваша ву, цаьрга хатта ахь».
Цигара ваьлла, дукха оьхуш, кIезиг оьхуш, эххар а цу шахьаре а кхаьчна, и кхо ваша волчу чувахана кIант. Хьалхарчу цIа чохь Iаш дезткъе итт шо хир долуш, йеха кIайн маж а йолуш воккха стаг хилла. ДIадийцина хIокху кIанта ша хIунда веана. Дика хIокхуьнан къамеле ла а доьгIна, цо шен воккхахволчу вешина тIевахийтина хIара. ДIакхаьчча, бухахь верг кхузткъа шо хан хир долуш стаг хилла. Цо хIара шел воккхахволчу вешина тIевахийтина. Цигахь верг шовзткъе итт шо хир долуш гIеметта хIоьттина стаг хилла. ХIокху кIанта шена тIедеанчу гIуллакхе ла а доьгIна, цо аьлла:
– Жима къонах, сан бIе ткъа шо ду хьуна, сан жимах волчу вешин бIе шо ду хьуна, цул жимах волчун дезткъе итт шо ду хьуна. Амма сан и хан йу эр дацара цхьаммо а. Сан зудчо, дог меттахь латтош, къан ца волуьйту со. Хьайна Деле дика зуда йеха ахь.
ТIаккха, ваьлла малик долчу а вахана, дIадийцина кIанта ша Деле хIун йоьху. Малико, Далла тIе а дахана, ишт-иштта, дика зуда йоьху цу кIанта аьлла, дIадийцина. ТIаккха Дала аьлла, дика зуда дуьнен чохь шиъ бен йан а йац, цушиннах цхьаъ, нах а баьхкина, тховса маре йоьдуш йу, важа кхиа кхин кхо шо тIаьхьа долуш йу. Цунна йеззарг, айхьа гIо а деш, дIайига цунна. Схьадеанчу малико ма-дарра дIадийцина кIанте и гIуллакх. ТIаккха кIанта аьлла:
– Тховса и йоI йуьгуш верг сол жима а велахь, хьолана сол тоьлуш а велахь, оцу кхуьуш йолчу йоьIан рицкъа цуьнца дерзаде. Амма, со цул жима а велахь, хьолана цул тоьлуш а велахь, со кхаа шарахь Iен реза ву-кх.
– Делахь, тховса йоьдуш йерг хьуна йало йеза вайшимма, – малико а аьлла, вахана хIара шиъ.
ДIакхаьччахь малико аьлла: – ХIан, нах, шу тхоьгара зуда йаккха гIертар нийса ца хета суна!
ТIаккха массо стаг дуьхьалваьлла, и бакъ ма дац аьлла.
– Делахь, вайх бакълуьйчеран йуй зуда? – аьлла, хаьттина, бах, малико. «Йу!» – аьлла, бах, вукхара.
ТIаккха малико: «Везан Дела, тхойша бакълуьйш велахь, хIокху сан Iасанах хурманан дитт а хилийталахь, цу тIе хурманаш а латийталахь», – аьлла, лаьтта охьахIоттийна шен Iаса. Оцу сохьта Iасанах хурманан дитт а хилла, цо заза а даьккхина, цу зазанах стом а хилла.ТIаккха наха, зуда а йелла, дIавахийтина хIара шиъ. Нахана шаьш къайладевлча, малик а дIадахана.
ЦIа кхача мел вуьйли а, кIант гIеллуш хилла. Цуьнан тидамбинчу йоIа хаьттина: «Хьо гIийла хIунда ву?» – аьлла. «Вайшиннан чудаха меттиг ца хиларна гIайгIанехь ву ша», – аьлла, дIадийцина, бах, кIанта.
«ХIума, хьаха, дацара иза-м; вайша ду хIуъу далур долуш а, дийр долуш а. ДIа ма-кхеччи, чудаха цхьа тоьла йийр йу вайшимма, цул тIаьхьа дерг хенан карахь ду», – аьлла йоIа.
«Тоьла-м ша жа дажош лелаш, йаьккхина йолуш йу», – аьлла кIанта.