Цара Іалхина дийцира тешнабехк бина нохчийн халкъ махках муха даьккхира. Уьш кхоъ оцу дийнахь цІахь вацара. Кху лаьмнашкахь жа дажош вара. Хилларг царна хиира кІира даьллачул тІаьхьа. ХІинца уьш кхоъ шайн даймахкахь лечкъаш лелара. Йуьрта баха а ца баьхьаш. Адамашна гучубовла а ца баьхьаш. Акхарой санна, адамех къехкаш.
– Таханлера дезчу денна тІера кад хІунда ца молу бохуш, соьга бехкаш доху ахь, – ойланаш дІа а лаьхкина, вистхилира Іалха. – Хьуна ца хаьа, тхан халкъ махках доккхучу дийнахь советски эпсарша а, салташа а Нохчийчохь гайтина «хьуьнарш». XIaра де даздан митинге кхойкху аьлла, тешнабехк бина, йалхитта шарера хьала берриг божарий школашка, клубашка а гулбина, царна тІе пулеметаш йерзийна, цхьана стага а дуьхьало йахь, уьш а, цІахь дисина зударий, бераш дойъур ду аьлла, шина сохьтехь оцу шийлачу Іай, дукхахберш когашІуьйра, массо адам йарташкара арадаьккхинера. Оцу Іуьйранна хиндерг ца хууш, шайн гІуллакхашна йуьртал арабуьйлу нах, зударий, бераш дайъинера. ТІе машина, ворда ца йахалучу ламанан йарташкара дерриг адамаш, цхьаццанхьа гІишлош чу а гулдеш, тІе бензин детташ, цІераш туьйсуш, дагийнера. Йуьртара арадаьхначу адамашна йукъара гІаш ца бахало къена а, цомгаш а нах, йуьстах а бохуш, автоматашца байъина. Больницешкахь цомгаш Іохку нохчий, мехий детташ байъина. Кавказера схьа оцу бехачу некъаца даьІахкаш Іохку байъинчу, беллачу нохчийн. Дийнахь-буса, цкъа-шозза эшалон сацош хилла цхьанхьа йаьссачу арахь. Нах нишка бовлийта. Эшелонна итт метр генаваьлларг вуьйш хилла. Зударийн сий до, зударшна хезаш цкъа а маьттаза дош ца аьлла оьзда нохчий, лаьтта бІаьра а богІалой, шайн гІуллакх дан охьалахлуш хилла. Зударий а, божарий а. И иэхь тІе ца лаца, ара ца бовлуш, ахкаргаш лилхина белла дукха зударий. Дийца воьлча, дукха ду уьш. Ткъа ахь оцу эскарна тІера кад мала боху! Дависарг-йаІ, Іедало шена тешнабехк беш буйла цхьа де хьалха хии делара сан халкъана! Хиънехь, тахана тхо кхузахь хир дацара. Тхан махка тІера цхьа салти а дийна аравер вацара, йа тхо дерриг цигахь делла хир дара!
Мария Петровнас чай доьттира. Пиали чохь накхаран моз a хІоттийра.
– Изза хьал ма хІоттийна миллионаш адамашка… Кулакаш бина, махках баьхна а, бехк-гуьнахь доцуш лецна а…
– ХІан-хІа, Николай, тхан халкъана тІехь санна, харцо ца лелийна цхьана а халкъана тІехь. Дуьне кхолладелчхьана. Ас йуха а боху хьоьга, кулакаш бинчийн, лецначийн, байъинчийн шайн даймохк, оцу даймахкахь доьзалш, гергарнаш бисина. Шен хан йаьккхича валаза висинарг царна тІе вухавирзина, йа воьрзур ву. Тхоьгара даймохк дІабаьккхина. Тхан халкъо эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг хІаллакдина. Тхоьга тхешан халкъан истори, мотт, культура а йицйайта, тхан синкхетам дІабаккха, тхо иэсах даха, дуьне мел ду даржийна!
Николай Кузьмич, чай шена хьалха а оьзна, бепиган цастарна тІе моз хьакха вуьйлира.
– Иштта хир дац иза, Іалха. Харцонаш лелла вайн махкахь. Иза шеко йоцуш ду. Амма, тІом чекхбаьлча, дерриг къастийна, нисдийр ду. Шу а доьрзур ду шайн даймахка. Тахана цкъа хала а, чолхе а зама йу хІоьттинарг. Шун халкъан исторех цхьадерш хаьара суна. Аш бІешерашкахь шайн къоман маршонехьа а, тІаккха советан Іедалехьа а латтийна турпала къийсам. ХІинца тІекхоьллинчу эладитанаша тиларчу вигнера со. Ас дукха ойла йора, хІунда даьккхина и халкъ махках? Со санна, кхетар ду вайн махкара халкъаш. Шуна бехк-гуьнахь доцуш къиза таІзар динийла хиъча, цара а шуьгахьа гІо доккхуш, аз ойур ду.
Іалхас цавешаш куьг ластийра.
– Россерчу халкъийн аз дан а дац. Хилла а дац цкъа а. Даима кхоьруш, даим кхерош, лоллехь латтийна. Шайна тІехь мел йоккха харцо, къизалла латтайарх, дуьхьало йан а ца даьхьаш. Ша маьрша а доцуш, маршо йаккха гІоьртина халкъ шен цІийла а карчош… Революци хилале хьалха шина бІе шарахь паччахьан эскарша тхан йарташ йагош, тхан зударий, бераш, къена нах хІаллакбеш, тхо махках дохуш туркойн махка а, Сибрех а хьийсош, биэндоцуш хьуьйсуш Іийна Россера къаьмнаш. Шайн йоцу маршо йаккха гІертарна, шайгахь доцу доьналла цаьргахь хиларна, нохчий ца безна цхьана а къомана. Цундела, цкъа а цхьана а халкъера гІо а ца хилла нохчашна!
Мария Петровнас чиркх латийча бен ца хиира Іалхина ша кхузахь дуккха а хан йаьккхинийла. ХІинца хІокху цІемзачу буса йалх километр гена гІаш дІаваха везара. Шелделла шен чай дІа а мелла, хІусамдайн Іодика а йина, араваьллачу цуьнан йуьхьа дуьхьал шийла мох а, тІуьначу лайн дарц а кхийтира…
(1960–1962 шш.)