ТІаккха, хьала а гІеттина, тІекхоссавеллачу майоро цхьа къиза катоьхна некха тІера халат шен буйна а хьовзийна, дІаластийна, пенах корта а кхеташ, соне аркъал туьйхира иза. Цуьнан четара охьадуьйжира муьлххачу а узбеко даим а шеца лелош хуьлу церан къоман урс. Схьахетарехь, оцу стаге шен кисанара хІуманаш схьайаха бохуш хиллера майора. Урс гича, кхин тІе а карзахваьллачу майоро, катоьхна халат кочера схьа а лаьцна, озийна хьала а гІаттийна, шена тІе а оьзна, хьерваьлча санна, мохь а хьоькхуш, оцу мисканна бетах масазза а тІара туьйхира.
– Чуволла иза! Соьгара бакъонца бен, цхьа а тайпа рицкъа а ма ло цунна! – эххар а оьрсийн маттахь омра дира цо неІарехь лаьттачу дежурничуьнга.
Дежурни милцо йухавеача, цо шена тІекхайкхийтира цхьа лейтенант. Майоро, шен киснара схьайаьккхина МатагІеран бакъо шена хьалха стоьла тІе охьа а йиллина, йаржош нисйира.
– Мичара вогІу шуьшиъ?
– Ош областерчу Узген районера, – жоп делира Мансура.
– Стенга воьду?
– Джалал-Абад областерчу Караташ районе.
– ХІунда?
– Гергарниш болчу.
– Воккхачу стага хІун до гергарниш болчохь? Иза-х кестта лийр ву. Къена вир. ХьалагІатта! – мохь хьаькхира майоро.
Мата халла хьалаайъавелира.
– Бандиталла дукха лелийний ахь? Фрицашна мел гІодина ахь? AxIa! Цхьана куьйган пІелгаш дац! Хьан даьхна хьан уьш?
– Граждански тІом болчу хенахь…, – йукъагІоьртира Мансур.
– ХІай-xIa! Басмач хиллийца! И дІилда а йу хьан бандитачух тера!
– ХІан-хІа, воккха стаг а, цуьнан ваша а советан Іедалехьа вара. Соьлжа-гІалахь бІедийнан тІамехь чевнаш хиллера цаьршинна…
– Сацийта, зуьдан кІеза! Хьан болх ас йийр йу! Комендатуро бакъо воккхачу стагана бен ца йелла, ткъа хьо мича бакъонца лела?
«Ванах, оцу узбекна санна, тхойшинна а йетта волалахь, охашимма хІун де-те? Дуьхьало йан ницкъ бацахь а, сатохалур ма дац соьга. ТІаккха, дуьхьало йина аьлла, ший а таІІийна чувуллур ву…»
– Со а ву оццу бакъонна тІейазвина. ТІехьа агІор хьажа…
Майоро, стоьла тІе кхоьссина кхушиннан бакъонан кехат схьа а эцна, цуьнан шина а агІон тІе хьаьжира лейтенант. ТІаккха меллаша майоре вистхилира:
– Кху тІехь дерриге а нийса ду, накъост майор. Бакъо ден цІарах йелла, ткъа кІант букъа тІехьа йазвина ву.
– ХІунда сецна шуьшиъ кхузахь? – лейтенанте ла а доьгІна, йуха а мохь хьекха хІоьттира майор. – Узбекистанан территори шайна йихкиний ца хаьа шуна?
– Караташ районе боьду некъ кхузашхула чекхболуш ма бу…
– Некъ, некъ! Некъ белахь, сеца а ца соьцуш, дІагІо. Нагахь санна цхьа сахьт далале районан центрера дІа ца валахь, ас таІІийна чувуллур ву шуьшиъ. Кхетий хьо, вирбекъа? Сан бакъо йу суд йоцуш шуьшинна ткъе пхиппа шо хан тоха. Йахийта!
Матина йовхарш йаьхкира.
– Буьйса тІекхаьчча йаьлла. Сан къена да цомгаш ву. Тхойша мича гІур ву? – ах-оьгІазе, ах-дехарца хаьттира Мансура. – Тхойшиннан долахь хІинца а ши де хан йисина…
– Амма суна йуха цкъа гойла-кх шуьшиъ кхузахь. ХІокху йуьртара аравала ах сахьт хан йу шуьшинна!
Оцу дерриге а къамеле резавоцуш ладоьгІуш а, къеначу Матига доглозуш хьоьжуш а Іийна лейтенант, майор чуьра араволуш тІаьхьа а сецна, Мансуран лере таьІира:
– Шуьшиъ гена вахалур вац. Воккха стаг гІийла ву. ТІайл дехьа ваьлча, дукха генайоццуш цхьа жима чайхана йу шуна. Цигахь буьйса йаккха. Ткъа шаьшшиъ начальникна йуха гучух а ларло. Дера стаг ву шуна иза.
Мата а, Мансур а бода болале йуьртах аравала сихвелира…
XII
Кешнашкара араваьлла вогІучу Іалхина ишколна уллохула тІехволуш дагадеара ша дІабаханчу баттахь партвзнос дІайелла цахилар. И декхар тІерадалар а, суьйранна делахь а, шен хьаша Бороденко гар а хир ду аьлла, школе чувирзира иза.
Николай Кузьмич шен кабинета чохь а ца карийна, школан кертахь долчу церан цІа вахара Іалха. Арайаьллачу хІусамнанас, хІара чу ца веача, неІ тІе ца чІегІира.
– Валол чу. Таханлера де билгалдаккха накъост воцуш охьахиъна доллура тхойша.
Іалхина хІинцца дагадеара тахана 23-гІа февраль хилар.
Стоьла тІехь ангалин жимачу кхабанна чу хІоттийна хІетта ломан когашкахь маьлхан басешкахь хьаладийла доьллачу кегийчу зезагийн курс йара. Бошхепаш чохь – борщ, хи чу йоьхкина наьрсаш, копаста а. КхоалгІа гІант хІоттийна, Іалха охьахаийра цара. Буфетан неІ схьа а йиллина, оцу чуьра схьаэцна буьххье боьллина кехатан тІус болуш шиша а, кхоъ стака а деара Николай Кузьмича.
– Оха тхаьш даьккхина къаьркъа ду хІара, Іалха, – элира цо, иза стаканашна чу а дуттуш. – ХІан, дІаэца!
Николай Кузьмич цхьана ханна вист ца хуьлуш Іийра, стаки чу а хьоьжуш.