– Кавказерчу халкъашца цхьа а тайпа хьагI-гамо йац сан. Царна зен-зулам, бохам хуьлийла а, ца лаьа суна. Къаьсттана цигара ламанхой беза а, лера а Iамийна со Пушкинан, Лермонтовн поэзис. Иштта дог-ойла хир йу аьлла, хета суна Думе лехам беллачу шовзткъе берхIитта депутатан а. Цундела туземцашка тхан безам бац, оха царна бохам лоьху, уьш махкахбаха йа хIаллакбан лаьа тхуна бохуш, хабарш дуьйцурш галбевлла. Тхан боккха лерам бу, гуьржашка-м хьовха, эрмалошка а. Амма тхаьш Пачхьалкхан Думин депутаташ хиларе терра, тхешан дегнашца а, дог-ойланца а, догIмашца а оьрсийн халкъехьа ду тхо. Цундела тхан а, вайн массеран а сийлахь декхар ду уггар хьалха оьрсийн халкъан, оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезарш, сий лардар. Суна хетарехь, Кавказерчу бусалба халкъийн лидерийн Iалашо йу азербайджанийн, дегIастанхойн, нохчийн, гIалгIайн Цхьаьнакхетта Штаташ кхолла. Оцу хьокъехь Темирхан-Шурарчу гIараваьллачу хьолахочун, помещикан Казаналипов Асельдербекан шен бартахошца хилла къамел хиъна жандармерин урхаллина. Кавказерчу бусалба халкъаша цуьрриг а ца лечкъабо оьрсашка, гауршка шайн цабезам. Хонкар-махкаца вайн тIом хиларе сатуьйсу цара. ТIаккха, шайн мехкашкара оьрсий лаххьийна дIа а лаьхкина, цхьаьнакхетта, йозуш йоцу бусалба пачхьалкх кхолла. Наместникана ца хаьа и къайлах болам хилар. Йа, ца хаьа, моттуьйту. Бусалба халкъийн коьртачу лидерех цхьаъ волу Казаналипов шен тIома кIел а воьллина, Христосан четахь санна, ларво цо. Делах санна, цунах теша наместник. Кхин цхьа гIуллакх а аш тидаме эца лаьара суна, господа депутаташ. Кавказехь оьрсийн пачхьалкхана, оьрсийн Iедална дуьхьал болх беш цигарчу халкъийн политически масех союз а, йукъаралла а йу. Эрмалойн культурах союз, гуьржийн культурах йукъаралла, бусалба халкъашна йукъахь серло йаржоран йукъаралла, кхиерш а. Уьш йерриг а оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх беш йу.
Трибуни тIехь шена хьалха лаьттачу стаки чуьрчу хих ши къурд а бина, балдех кIайн йовлакх а хьаькхна, йайн йовхарш а тоьхна, шен аз тодира Марковс:
– Амма оьрсийн пачхьалкхан идеяш а, оьрсийн мотт а, культура а йаржо кхоьллина цхьа а йукъаралла йац Кавказехь. Цигарчу къаьмнийн йукъара мотт оьрсийн пачхьалкхан оьрсийн мотт бац, господа, ткъа азербайджанийн, нийсса аьлча, Россин исторически мостагIийн туркойн мотт бу. Цунна ас бехке ца до цигара бусалба халкъаш. Царна йукъахь туркойн, пантюркски, панисламски идеяш йаржораш церан лидерш бу. Кавказан администрацин чиновникаш. Уггар хьалха Цуьнан императорски воккхаллин штальмейстер, Воронцов-Дашковн аьтту куьг Казаналипов! Сан боккха лерам бу цигарчу халкъийн союзашка а, йукъараллашка а. Aмма цара оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх бо цигахь. Цара Кавказехь йаржораш керстанашна, оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал йолу туркойн идеалаш йу. Кхузахь бусалбанийн фракцин векал къайладаккха гIоьртира Россерчу бусалбанашна йукъахь йаьржина панисламизмам идеяш хилар. Амма уьш йолуш а йу, жигара болх беш а йу. Панисламизман болам Iаламат кхераме бу Россина. Пачхьалкхан Думо тидаме эца лаьа суна Россехь бехаш пхийтта миллион бусалбанаш хилар. Панисламизман идеяш цхьана кавказски бусалба халкъийн хилла ца Ia. Цигахула дIа Йуккъерчу Азе, казахийн аренашка, Поволжье йаьржина уьш. Доцца аьлча, панисламизман ун дерриг дуьненахь даьржина. Панисламизман Iалашо йу, дуьненара дерриг а бусалба халкъаш цхьаьна а тоьхна, туркойн султан коьртехь а волуш, керста пачхьалкхашна дуьхьал нуьцкъала бусалба пачхьалкх кхолла. ШолгIа пантюркизман идея йу: нагахь санна и хьалхара Iалашо кхочуш ца йалахь, туркойн а, российски а бусалба халкъийн цхьа пачхьалкх кхолла. Пачхьалкхан Думехь бусалбанийн фракци кхоллайалар лаа дац аьлла, хета суна. Иза кхоллайалар новкъа дац суна, амма иза оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезаршна болх беш хила йеза.
Марковн къамелана резахилла, дехха тIараш диттира черносотенцаша а, царна гергарчу октябристаша а.
3
Тамашийна ду цхьа хIума. Цхьацца стеган цIарца тера догIуш хуьлу цуьнан дегI, йуьхь-сибат, аз, къамел, болар, амалш. ГIалгIазкхи аьлча, вайна дуьхьалхIутту шатайпа сурт. Лекха дeгI, шуьйра белшаш, нуьцкъала пхьаьрсаш, Iаьржа йа хьаьрса даккхий мекхаш, йуькъа, йеха никIапа, гIopгIa аз, майра хьажар, иштта дIа кхин а. Ткъа хIинца трибуне хьалаваьллачу Теркан гIалгIазкхийн депутатан Лисичкинан цхьа а амат тера дацара вай сурт хIоттийнчу гIалгIазкхех. Трибуни тIехьа халла гора цуьнан баккъалла а цхьогалчух тера корта. Йуткъа, йеха йуьхь, ира, беха мара. Мукадехкачух тера цIен, горга, кегий бIаьргаш, мекара, хьастаме, цIогIане аз.