Тахана Iуьйранна йуьртан майдана гулбелла пхийтта шарал лакхара берриг а боьрша нах, делкъан ламазана цхьана сохьтана дIаса а бахана, йуха а цига дIагулбелира. Масех тобане бекъабелла уьш, ва Дела аьлла, цхьана барте ца боьрзура. Цхьаберш сацам боллуш дуьхьал бара полконакан омра кхочушдан. Иза ца дан летта лийр ду вай, бохура цара. Шайн зударийн а, берийн а, мискачу бахамийн а ойла йеш болчу шолгIачарна, пачхьалкхан цхьадолу декхарш дIа а текхна, хIара гIуллакх машаре дерзо лаьара. Йуьртан хьолахошна а лаьара иза машаре дерзо. Пачхьалкхан декхарш дIа а такхий, герз дIа а лой, Iедало дIабоьху нах шайн лаамехь цунна тIе а гIой, дIадерзаде, бохура цара а. Йуьртан бала болуш бацара и тIаьххьарниш. Цкъа-делахь, Iедална хьалха диканиш хила гIертара. ШолгIа-делахь, йуьртана тIе йаккхий тоьпаш йеттахь, шайн цIенош дохорна а, салтий, гIалгIазкхий чубагIахь, цара шайн бахамаш талорна а кхоьрура.
Хьалхарчара бохург а дина, дуьхьало йар эрна дара. Иштта дуьхьало йинчу ЧIебарларчу масех йуьртара цIенош дагийнера, салташа а, гIалгIазкхаша а бахархой талийнера, дуккха а нах лецнера. Изза дийр ду полконака кхузахь а. Ткъа пачхьалкхан налогаш а, кхиболу текхамаш а бан нехан ахча а, дIадала герз а дац. Iедало дIабоьху нах дIа а белла, йуьртана эхь дойла йанне а йац.
Делкъал тIаьхье а дIайахара, нехан барт ца хуьлуш. Ахьмада лерина ладоьгIура массаьрга а. Цунна шена а ца хаьара, хIун дича бакъахьа хир ду. Ткъа баттахь кхузахь лаьттича а, оцу нехан цхьабарт хир бацара. Къуьйсура, оьгIазъоьхура, чуьччагIертара. Iелех дагавала сацам бира Ахьмада.
– И гIовгIанаш совцайай, цкъа ладогIал, нах! – мохь туьйхира цо, хьала а гIеттина. – Iуьйрре дуьйна хIара гIовгIанаш йеш, хIокху шелехь лаьтта вай. Амма, ва Дела аьлла, барт хуьлуш бац. Баттахь лаьттича а, хир бу ала, меттиг а бац. Шу xIopa а шен-шен дош тIехула дилла гIерта. Тахана вайн йуьртана тIехIоьттинарг хала, кхераме киртиг йу. Цунах кIелхьардовла шуна некъ ца карабо. Аш массара а бертахь, массо а реза волуш, йуьртан дола дан хаьржина тхо пхи стаг ву. Доша воцург, важа виъ кхузахь ву. Нагахь санна шу реза делахь, тхо виъ – Аьрсамирза, Лорса, Солта, со а – дика ойла а йина, вала везачарах дага а ваьлла, Делан къинхетамца, Делан гIоьнца, хIара гIуллакх йуьртана сингаттам ца хуьлуьйтуш дIадерзо хьожур ву. Оха йинчу кхелана реза хир дуй шу?
Жимма гIовгIанаш йинчул тIаьхьа, цхьа а дуьхьал воцуш, массо а резахилира.
МаьркIажан ламаз а дина, дог ца догIуш кхачанах а кхетта, шен кхаа накъостаца Iелех дагавала вахара Ахьмад. ХIоьттинчу хьолах йурт кIелхьарйаккха цхьаъ бен боцу некъ гайтира царна Iелас. Цуьнан хьехамца Галаевна жоп йаздира Лорсас. ШолгIачу дийнахь Iуьйранна, туркх а вахийтина, СаьIад, Хьуьси, Iабди йуьртден канцеляри кхайкхира Ахьмада.
Тхов тIе оьрсийн гepaг а йиллина, ши цIа а, лекха уче а, дика неI-кор а долу xIapa канцелярин гIишло ша йуьртда волуш шен ахчанах совдегара ХортIас йайтинера. Йуьртдена а, писарна а леринчу цхьана чохь аннех йина стол а, ши жIай-гIант а, чубаьхкинчу нахана охьаховша пенийн дохалла хIоттийна аннех дина деха ши гIант а дара, дуккха а шерашкахь нах тIе охьахийшина шарделла, лак хьаькхча санна, къегаш. НеIарехьа товха йара, кIуьрзо Iаржйина. Уллора цIа шатайпа европахойн куьцехь, хаза кечдина дара. Бустамаш дохуш, кечдина когаш а долуш, тIе Iаьржа лак а хьаькхна, шуьйра, йеха стол а, иштта, хаза дина, тIе баьццара бархат тоьхна, лекха гIовланаш йолуш кIеда диъ кресло а, даим йаьсса лаьтта книгаш чу хIитто йоккха шкаф а. Стоьла тIехула пенах кхозуш паччахьан доккха сурт а, цIенкъа тесна хаза, кIеда куз а. ХIокху цIа чуьра товха а йара, бустамаш дохуш, йеттинчу кибарчигех йина. И цIа белхан гIуллакхна ца кечдинера ХортIас. Йуьрта баьхкина хьаькамаш оцу цIа чу буьгура цо, ткъа xIоpa дийнахь беш болчу балхана лерина важа цIа дара. Ткъе итт шарахь сов йуьртда лаьттинa ХортIа дIакхелхича, цуьнан метта xIоттийнчу СаьIада а ца талхийра ХортIин низам. Ткъа дукха хан йоццуш йуьрто хаьржинчу Ахьмада а, цуьнан накъосташа а оцу цIийнан неI ца йиллинера цкъа а. Уьш вукху белхан цIа чу гуллора.
Аьрсамирза, Лорса, Солта Iуьйранна хьалххе веанера канцеляре. Цхьацца вогIуш, схьавеара СаьIад, Хьуьси, Iабди. Шина дийнахь цIе ца латийначу цIа чохь шийла йара. Хьал-де хоьттуш эрна хан а ца йойуш, хьийзораш ца йеш, къамел долийра Ахьмада.