– Хьуьса, тахана вайн йуьртана тIекхозабелла кхерам массарначул а дика го шу кхаанна. Iедалца дерг а, йуьртарчу нахера хьал а хаьа шуна. Оцу полконака шозлагIа а хан йелла вайна пачхьалкхан налогаш, гIуданаш, герз дIадала, йуьртара виъ стаг Iедале дIавала. Шен омра кхочуш ца дахь, xIapa йурт, йохийна, лаьттаца шарйийр йу ша а, аьлла цо. Шуна ма-хаъара, налогаш, гIуданаш такха а ницкъ бац нехан, дIадала герз а дац. Цо дIавоьху виъ стаг Iедале дIа а велла, йуьртана эхь дечул, вайна делла дIадовлар гIоли йу. Полконака тоьхна хан кхана суьйранна чекхйолу. Вайн ворхIе дай а, вай а хIокху йуьртахь дина а, кхиъна а ду. Вайн дай кхузахь белла, лаьттах боьхкина, изза хила деза вайх а. Цхьана цIийнах, йа ненахошкахула, йа захалшкахула вовшашца цхьа гергарло доцуш цхьа а доьзал бац хIокху йуьртахь. Цхьанна хиллачу бохаман лазам массо а доьзалх кхета. Ваьш даллалц хIокху йуьртахь цхьаьна даха а деза вай, велларг массара а цхьаьна дIаволла а веза. Оцу дерригенан а ойла йина, вовшех дага а девлла, xIapa йурт бохамах кIелхьарйаккха цхьа некъ карор бацара-те аьлла, схьакхайкхина шу. Хьуьса, хьо Iеламстаг ву, ткъа СаьIадна а, Iабдина а Iедалан болх, гIуллакхаш, хьаькамаш а бевза. Шуна хIун хета, аш хIун олу, вай хIун де-те?
Хьуьсера хьалхе а йаьккхина, СаьIад вистхилира:
– Ахьмад, бусалба дин а, шариIат а, Iедал а, хьаькамаш а бевзаш долу тхо дIa а даьхна, тхол хьекъале, тешаме, доьналле ду аьлла, йуьрто шен коьрте хаьржина шу. Ткъа хIинца, йуьртана тIе кхерам гIоьртича, тхо дагадаьхкина шуна. Йуьртан дола дан дезарш а, йуьртах жоп дала дезарш а шу ду. Йурт кхерамах, бохамах кIелхьарйаккха некъ а шуна каро беза. Ткъа тхуна хетарг шуна хаа лаахь, Iедало бохург кхочушдан деза йуьрто. Кхин некъ ца хаьа тхуна.
– Амма йуьртана xIapa бохам бинарш шу ду, СаьIад. Йуьртан коьртехь шу долуш тоьхна и налогаш а, гIуданаш а, кхиерш a! – са а ца тохаделла, йукъавуьйлира Солта.
СаьIад цунна тIевирзира:
– Аш схьа мел ваьллачо иза ма олу? Iедало налог, гIуда тоьхча а, тхо бехке до. Йуьртара стаг лаьцча а, оха лацийтина, олу. ХIинца xIapa шаьш кегийна худар а тхан коча тоьтту. Наха шаьш йуьртан урхалле хьалхатоттучу хенахь хIунда ца олура аш цаьрга, йуьртан дола дан а, йуьртах жоп дала а тхоьгахь хьекъал а дац, тхуна оьрсийн мотт-йоза а ца хаьа, тхуна Iедал а, хьаькамаш а ца бевза? Шаьш кегийна худар хIинца шаьш даа.
– ХIай-xIaй! – цунна тIетайра Iабди. – ХIинца и салтий а вай балийна, боху. Йерриг а Нохчмахкарчу йарташна налогаш, гIуданаш тохийтинарш а, схьадоьхуьйтурш а, салтий балийнарш а вай ду ала а эхь хетар дац! Шайнчул совнаха, йаа сискал йерг ца веза нохчашна…
Хьуьсас, вист ца хуьлуш, резахилла корта теIабора.
– Туьха тесна пхьид санна, ирах стенна лелха шуьшиъ? – човхийра и шиъ Солтас. – Оьрсийн мотт-йоза а хууш, Iедал а, хьаькамаш а бевзаш долчу аш хIун дика болх, хIун аьтто бина йуьртана? Йуьртана-м хьовха, атталла цхьана стагана а? Ирх а ца лелхаш, шайга дуьйцучуьнга цкъа ладогIа!
Аьрсамирзин хьаьжа йуккъе, кIез-кIезиг гуллуш, шад гулбелира, месала, хьаьрса цIоцкъамаш, кондарш санна, дусаделира.
– Шаьш бехке дац, боху аш? – царна тIекъевкъира иза. – ХIокху йуьртана мел хиллачу бохамашна бехке шун дай а, шу а ду! Дац алал? Iабди, хьан да ХортIа а, воккхахволу ваша Асхьад а хIокху Iедалан йалхой, айкхаш ца хилла? Iаьлбаг-Хьаьжин гIаттам болабелча, оьрсийн эскар долчу, Гезлойн-гIопе, ведда ца ваханера и шиъ? Салташа хIокху йуьртара цIенош дагош, царна хьалхаваьлла лелаш ца вийнера Асхьад? Хьуьса, хьан да Товсолта-Хьаьжа, СаьIад, хьан да Бора-Хьаьжа, хIокху йуьрта богIучу оьрсийн хьаькамашна хьесталуш, церан цIогана кIел мотт хьоькхуш, царна Деле гIо доьхуш, доIанаш деш ца лелла? ХIокху йуьртан ах мохк шу иттех стеган долахь бу. Шун дайша, хьун хьокхуш, баьккхина иза? Цхьа кол ца хадийна цара! ТIамо тIера дай байъина, йа Iедало Сибрех бахийтина, шайн кхаш дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, йаа сискал йоцуш бисинчу жоьра-зударшкара, берашкара гирда хьаьжкIаш луш, шун дайша шайн доладаьхна латтанаш ду уьш. И доьзалш йолах шун дайша а бацийра, церан тIаьхьенаш йацош шу а ду. Сан кIант а, Мохьмад а, xIapa Солта а японца тIаме бахийтинарш шу дац? Мудар Россе хьажийнарш шу дац? Шайн кIентий хIунда ца бахийтира аш? Шун дай а хилла йуьртана йамарт, хIинца шу а ду!
– Оха ца бахийтина уьш, ахчано бигна! – цавашаре велакъежира СаьIад. – Ахчанах бохкабелла бахана.
Аьрсамирза цIий сиха, дера стаг вара. ХIумма а цул тIаьхьависина Солта а вацара. Амма СаьIад а, ша молла велахь а, Хьуьси а вацара кIиллочарех. Iабди-м цхьогалан амалш йолуш вара. ХIокхеран дов гена а даьлла, вовшашна тохарна кхеравеллачу Ахьмада совцийра уьш.