Со Зеламха ву, халкъ лардеш, халкъан цIарах бекхам оьцуш. Бехкенаш бойуш, бехкебоцурш дийна буьтуш. Законаш цаталхор доьху ас шуьга, законаш цаталхор лоьху ас шуьгара. Ткъа аш, харц тоьшаллаш гулдеш, талхадо уьш. И харцонаш лелорна цкъа дохкодевр ду шу.
Стигала хьалахьаьвсича, хуур ду шуна, иза ницкъ болчу Делан карахь хилар. Аш а боху, Дела ницкъ болуш ву. Амма и ницкъ болу Дела соьгахьа ву. Цо гIo до суна бакъонца бекхам бан, ас мел дийриг Цуьнан лаамца ду. Ша реза верг дан дагадеача, суна гIо до Цо. Ша реза воцург дан суна дагадеача, со дохковоккху Цо. Ас мел дийриг АллахIан дуьхьа ду, АллахI, пайхамар, шариIат доцург, цхьа а паччахь, Iедал, закон къобал ца до ас. Пачхьалкхан хазнера дерриг ахчанах эскарш а гулдина, тIаьхьадовларх, со карор ма вац шуна! Шуна гергахь ву моьттучу хенахь генахь хир ву со, генахь ву моьттучу хенахь уллохь хир ву.
ХIей хьаькамаш! Шу адамаш ма дац, боьха йовсарш ма йу шу! Сан мостагIалла шуьца ма ду. Машаречу оьрсашна зулам ца до ас, бохам ца бо ас. Адамалла дац шуьгахь, акхаройл къиза, стешха, йамарт ду шу.
ХIай полковник! Вай кхоьллинчу Делан дуьхьа, хьо вазвинчу Делан дуьхьа, суна а, халкъана а йуккъехь мостагIалла кхолла ма гIертахьа! Зударий, бераш ма делхадехьа! Айхьа царна дечу таIзарна, церан бохамашна, баланашна царна хьалха со бехке во ахь. Ткъа цара: «Дала хIаллаквойла иза!» – бохуш, сардамашца суна неIалт кхайкхадо. Уьш бехке ма бац. Хьуна дика ма хаьа, со бехке веш айхьа муьлхха а стаг лаьцна, набахти кхоьссича, Сибрех вахийтича а, цуьнан наха соьца мостагIалла лелор дуйла. Тхо хIинццалц машаре, бертахь даьхнера: сайна динчу диканна дуьхьал дика а деш, вонна дуьхьал изза а деш.
АллахI къинхетаме ву, цо ларвойла хIара кехат доьшург!
***
ПОЛКОВНИК ГАЛАЕВ!
Хьоьга тIаьххьарчу хIокху сайн кехата тIехь йаздийриг АллахIан гIоьнца кестта ас кхочушдийриг хиларан цхьа а тайпа шеко йац.
Хьо санна полковник хиллачу Добровольскийна ас динарг дика хаьа хьуна. Ас бехке во хьо:
1. Ахь законаш талхош, адамашна ницкъбарна а;
2. Со бахьана а лоьцуш, ахь данне а бехк-гуьнахь доцу адамаш Сибрех хьийсорна а.
Ас йуха а боху хьоьга, цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцуш айхьа лецна, чубоьхкина нах маршабаха. Ахь уьш марша ца бахахь, гаур, сан бекхамах кIелхьарвер вац хьо. XIappa къамел шега дича, Добровольский ца кхийтира сох, хIинца хьо а ца кхета. Амма ас кхетор ву хьо, гаур. Сан цIарах бехк-гуьнахь доцу адамаш хьоьга дойуьйтур дац ас, гаур. Хьуна ма хаьа, ас эрна дош ца олий. Ас кхочушдо сайн дош.
Нагахь санна со, ГушмацIин Зеламха, дийна висахь, хьайн зудчунна уллора аравала ца ваьхьаш, цIа чохь хьатI оьхуьйтур ду хьан, жIаьла! Хьо кIиллоне, кхахьпане шарбал чохь хьатI оьхуьйтур ду ас, тIаккха, жIаьла санна, вуьйр ву.
Хьуна, со Туркойн махка дIагIур ву, моьтту, боху. ХIан-хIа, кхахьпа, иза хир дац. Шу чагIалкхех ведда, Туркойн махка а вахана, сайна и эхь дийр дац ас. ГIахь а, хьо вийна бен гIyp вац. Ахь лелориг дерриг хууш а, гуш а ву со. Хьо полковник ма вац, хьо нахаца лела кхахьпа ма ду.
Айхьа лецна. бехк-гуьнахь доцу нах маршабаха, тIаккха ас дийна а, маьрша а вуьтур ву хьо. Амма ахь иза ца дахь, йийсаре вигна, къиза вуьйр ву хьо.
1
Полковник Галаев жерге хьоьжура кхузарчу бахархошка. Цуьнан бIаьргашца хьаьжча, иштта бара нохчий: даьшна кортош а, чоьш хьийзина, хьакхарша хьанйина мажош а, бетан шиний агIорхула охкаделла мекхаш а, цкъа а ца хуьйцуш лело модаша дуьзна духар а долу боьрша нах; ах хьаж дIахьулдеш къевлина йихкина Iаьржа чухтанаш а, коьртех хьарчийна даккхий корталеш а, цхьана агIор йух хьала а оьзна, шарбалан борчах таIийна йеха кучамаш а, хьоркешкахь когаш хабийна шуьйра шарбалш а йолуш, даим гIайгIане, кхоьлина хуьлу зударий а; мерах охкайелла мершаш а, царна хьекхна тIе айр лацаделла куьйгийн тIеш а, кучийн пхьуьйшаш а долу божабераш а. ГIопера араваьлча, урамехь, базарахь, некъахь шена гина массо а нохчо йа обарг, йа обаргийн бартахо, лаххара а – Iедалан мостагI хетара цунна. XIокху нохчех, цаьрца йацахь а, кхеллин хьожа йогIура, уьш гича, дог хьалагIертара.
Полковник ша хIири вара. Хьанна хаьа, ламанца бехаш болу цуьнан хIирий хила мегара цунна шен бIаьргашца гуш болу нохчий санна, бодане, тIелхагбевлла, мезех а буьзна, кхеллин хьожа а йогIуш. Цуьнан ден да а, да а Моздокехь гIалагIазкхашна йуккъехь ваьхнера, церан йоллу бакъонаш а йолуш. XIapa ша а цигахь винера, кхиънера, цунна шайн хIирийн дахар ца девзинера.