– Ши бахьана ду суна новкъарло йийриг, – Занус доккха садаьккхира, – цкъа-делахь, гергара стаг а воцуш йолу къона со, нохчех дІа а къаьстина, йуьстах йаха охьахиъча, наха цхьа эладита кхолларна кхору. ШолгІа-делахь, массеран а боцу аьтто сайна а лехна, дІакъаста а ца лаьа. Массарех хирриг хир сох а.
Николай Кузьмича ойла йира. Занус далийна бахьанаш нийса хийтира цунна.
– Ткъа мичахь Іен йоллу хьо?
– Іабдул-Іаьзам волчу а йахана, цунах дагайер йу со. Хелипатан хІусамехь Іен а мега.
– Іабдулла Іаламат дика стаг ву. Цунах дагайала мегар ду. ХІун ду а хаац, иза гича, сайн да гича санна хета суна. ТІехула тІе, и миска, хьо санна, шен нахах хаьдда висина а ву. Амма цхьа хІума тІедуьллу ас хьуна. Суьйранна тхайца пхьуьйре йар. ХІинца цкъа-м аьшпаш боьттина кІелхьарвер ву со Машас бартбеттарх. Делахь хІета, йуха вайна галлалц!
Зану, дІа а йолайелла, йуха а сецира.
– Николай, – йистхилира иза халла хезаш. – Ткъа co… со балха маца йола?
– Кхана Іуьйрре йогІур йу, хьомениг. Цунна сапаргІат хила. Дерриге а суьйранна дуьйцур ду вай. Ой, маьІІаргонна вицлоpa-кx co! Хьо йогІуш Іабдул-Іаьзам а, Берса а валавехьа. Ас а, Машас а, чІогІа дехар деш, кхайкхина, ала. Башха шуна бан там-м бац тхан, амма йерг даккхийдеш лур йу.
…Ткъа стигал, кхоьлина, йухайерза ца туьгуш тІейоьлхура. Некъа йистехула охьадолчу хорша буркъаш туьйсуш, керчаш, хьере хьаьлхина йоьлхура мокха Іовраш. Амма Зануна хІинца ца хаалора и шийла догІа а, мох а. Цхьа сахьт хьалха йазйелла йегош хиллачу настаршна чу ницкъ беанера, ког байбеллера, паргІат доІура са а.
– Зану! Ца йогІуш ма Іелахь! Іабдул-Іаьзам а, Берса а валавелахь! – хезира цунна тІаьхьабетта мохь.
Занун бІаьргех хьаьлхина хиш беснешна тІехь догІанах дІаийра. Амма уьш цхьа сахьт хьалхалера хиш дацара. ХІинца иза йоккхайерца йоьлхура. Муха ца йоьлху? Иза хІинца цхьа йац. Ткъа, хьанна хаьа, Маила ма-аллара, хІинца Николайс ма-чІагІдарра, иза-м цхьана дийнахь шен дех-ненах, йиша-вешех а кхетта, Даймахка цІа йерза а мегий…
XI
Ги тесна тІоьрмиг а, коча тийсина таьлсаш а долуш, берзина когаш тІуьначу лаьттах а бетташ вогІу Мансур, лекха гу хадош, шина берда йуккъехула чекх а ваьлла, гун вукху агІонна тІеваьлча, хьалха гира хІетта сенарш этІо доьллачу стоьмийн дитташа хазйина узбекийн йоккха йурт.
ШолгІа де ду и шиъ гІаш Наманганера схьавогІу. ШолгІа де а чекхдели. ДІабуза лаьмнашна тІе базбала гІерта малх а. ШолгІа буьйса а тІекхаьчна йаьллера. ШолгІа буьйса хилла а ца Іа цаьршимма некъ бен. Тахана бархІалгІа де ду и шиъ луларчу областера схьаваьлла. Карасура Намангане цІерпоштца веана и шиъ, ткъа бисина беха некъ берриге а гІаш бина. Бакъду, гІалара аравала а, араваьлча, Караташе боьдучу новкъа вала а ца хууш, Наманганехь ши де дайна цаьршиннан. ТІехула тІе, дІа ког мел баьккхинчохь, бакъонаш хоьтту. Кхузахь атта вевза кавказхо. Хьо кавказхо велахь, нохчо йа гІалгІа, кхарачай йа балкхаро хила ма веза. Хьо царах велахь, спецпереселенец а ма ву. Ткъа спецпереселенцан бакъо ма йац ша вехачу районера дІасавала. Спецкомендатурин бакъо а йоцуш дІасавалахь, ткъе пхи шо хан йу хьуна. Иштта ду Молотовс буха куьг йаздина закон. Цундела, дуьхьал мел кхеттачу муьлххачун а бакъо йу хьан документаш хатта а, хьо йуьрта чу ца вита а, йуьртах араваккха а. Амма Матин а, Мансуран а карахь бакъо йу. И шиъ Покровке воьду. Цигахь ву Матин ваша Халид, цаьршиннан цхьа кІеззиг гергара нах а.
Амма хала ду-кх къеначу Матина хІара гена некъ бан. Къаналлина тІе мацалла, цамгийла8
. Пехашца йовхарш йу цунна. КІелвисина волуш лаьтта. Цхьаммо а машина сацайой ткъа хІара шиъ тІехао? Хьанна оьшу и ши тІуьйлиг? ХІумма а дац! Мухха кхаьчча а, дІакхочур ву и шиъ. Йиша-вешина, йуьртахошна тІекхаьчна, йицлур йу лайна халонаш. XIapa а йу-кх и шиъ шайх чекхвийлла иттаннаш йарташ санна йурт. Гомий урамаш. ТІе латта а тесна, нийса тхевнаш а тохкуш дина поппаран цІенош. Гуонаха поппаран баролашца гуо къевлина йуькъа бошмаш. Къаьсттина дукха йу кемсаш. Бакъду, хІара йурт йоккха йу. Тамаша а бу, райцентр йацахь.