Гуонаха керт йоцуш тесна лаьттачу цхьана бешарчу лекхачу акхтарга кІел садаІа охьахиира и шиъ. Наггахь стаг а тІех ца волура цаьршинга мичара вогІу, стенга воьду ца хоттуш. Оцу цхьана шаро массо хІуманах а тешамза баьхна, сема, ларлуш хила Іамийнера нохчий. Цундела, шимма-кхаамма шайга и хеттарш дича, сорсаваьлла10
, и шиъ сихха цигара дІавелира. Мансурна ца лаьара районан центрана йуккъехула чекхвала. Карахь документаш долушшехь а, сецош, новкъахьовзам бора цаьршинна. Цундела, йуьстаха пебетташ, йуьртан дехьа маьІІе а ваьлла, жимочу хин лекхачу тогІина тиллинчу тІай кІел сецира и шиъ. Кхин дІагІертийла дацара. Цкъа-делахь, хІуъу таро йина а, жимма мацалла йуха ца йерзийча ца йолура, шолгІа-делахь, суьйре герга-гІертара, охьавижа меттиг тарйан а дезара.И шиъ хиъна Іаччохь лаьттах бухдолуш шийла шиъ шовда дара. Мата, ламаз а дина, кара суьлхьанаш а лаьцна, ойланашка ваьлла дІатийра. Вист ца хуьлура Мансур а. Цаьршимма кІелхьарвала некъ лоьхура. Мансур шен ойланех йукъахваьккхира, чучча пхьаьрсаш даьхна, деана, цаьршинна тІехула тІай техь сецначу оьрсийн къоначу зудчо а, стага а. Вовшашца забарш йеш, доьлуш деана и шиъ, кхушиннах бІаьрг ма-кхийтти забарш, беларш дитина, лохха къамел деш сецира. Иттех минотехь цигахь хІоьттина а лаьттина, цаьршинна тІедеара и шиъ.
– Суьйре дика хуьлда шун! – голаш тIe лахвелира йоьІан накъост. –Шуьшиъ хІун деш ву кхузахь?
– СадоІуш, – дегаза жоп делира Мансура.
– Кхузахь садаІа мегар дац. Ца го хьуна тІуно, – лаьттах пІелг Іоьттира къоначу стага. – Кхузахь генайоццуш чайхана ма йу. Ткъех метр дехьахь. Цигахь хаза довхачу цІа чохь садоІийла а, довхха чай молийла а ду.
– Ахча дац тхан…
Стаг а, йоІ а вовшашка хьаьжира. Мансурна гира стеган йуьхь кхоьлаш. Цхьана йукъана вист ца хуьлуш а Іийна, тІаккха и шиъ мичара вогІу а, стенга воьду а аьлла, хаьттира цо. Кхин дІа цуьнан хеттарш совцийра Матина цІеххьана йаьхкинчу йовхарша. Адамашна ша жерга хетийла хуучу Матас шена боккха ницкъ бора, уьш а, шат а кийрахь сецо гІерташ. Амма эххар а, ницкъ а эшийна, хецайеллачу цара цуьнан йуьхьа тІера массо пха сенбира. Мансура хьалхалаьцначу гІутакх чу шат тесира цо.
– Ой, воккха стаг цомгаш ма ву! – мохь белира стеган. – Пехашца цамгар йу-кх цунна.
– Хьажийтал гІутакх, – Мансуран керарчу гІутакх тІе куьг кховдийра цо. Амма Мансура иза букъа тІехьа лецира:
– ХІунда? ХІара боьха ду…
– ХІумма а дац, хьажийта!
Нуьцкъах ала мегар долуш Мансурера гІутакх схьа а даьккхина, шен бІаьргех куьзганаш доьхкина, леррина гІутакх чу а хьаьжна, цу чохь дерг шена ца гича, цу чуьра шат кехата тІе a йоьттина, чІешалгаца кегийра цо.
– Хьажахьа, Галя, суна дика са ца го.
ЙоІ, цунна улло охьа а лахйелла, шате хьаьжира.
– ХІаъ, пехашца цамгар йу. Дукха хан а йац кхетта. Хьажийтал хьайн матте. Иштта, бага а гІаттайай, мотт арабаккхал. Кхуьнгахь дика хьал дац, Вася. Схьагайтал хьайн куьг. Пульс дукха вуон а йац. Дагар ду-кх. Больнице охьавилла вигча, муха хир дара-те?
ЙоьІан накъост Мансурна тІевирзира.
– Воккха стаг кхерамечу хьолехь ву. Пехех цамгар кхетта цунна. Тхойша лор ду. Больнице охьавижа веза хІара. Цхьана баттахь Іиллича, толур ву хьан папаша. Вало.
– Цо хІун боху? – хаьттира Матас.
Мансура дерриге а дІадийцира.
– ХІан-xIa, гІуллакх хир дац цунах. Суна а хаьа сайна пехашца цамгар йуйла а, иза вуон цамгар йуйла а. Вайшинна йеллачу бакъонна тІейазйинарг итт де хан йу. Цунах бархІ де дІадели, ши де бен хан ца йисина.
– ХІун боху папашас? – хаьттира йоІа.
– ГІуллакх хир дац. Тхойшиннан бакъо йац кхузахь саца.
– ХІунда?
– Тхойша нохчо ву. И ду дерриге а галдаьлларг.
Къона стаг велавелира.
– Шу нохчий хилар тхойшинна бІаьрг ма-кхийтти хиира. Вало ший а. Караташ гена йац кхузара дІа. Ткъе итт километр йелахь кхин йац. Хьо дІагІур ву, папаша кхузахь вуьсур ву. Цхьа бутт баьлча, хьо йухавеача, хІара товелла карор ву хьуна. ТІаккха цхьаьний дІагІор шуьшиъ.
– ЭхІе, дІаваьллахь! Тхойшиъ иштта ловзуш хьан лоьлуьйту хьуна! – гІайгІане велавелира Мансур.
– ХІинцца больнице охьавижина, сихха дарбанаш ца леладахь, цамгар генайер йу, – йукъагІоьртира йоІ.
Мансура ойла йира. Дех дага а велира.
– ХІан-xIa, гІуллакх хир дац цунах. Воккхачу стагана хаьа шен цамгар кхераме йуйла. Кхузахь сацахь, ши де дІа ма-деллина ца воллахь а, товелла, больницера ара ма-веллинехь, чувуллур ву ша боху. ТІаккха а лийр ву набахтехь. Тхойша шина дийнахь дІакхача веза. Караташехь больнице охьавуьжур ву иза. Шен болх Делан кара буьллу ша, боху.
– Ас тІелоцу, товелча, иза чу ца воллийта. ХьалагІатта ший a, – дехар дира къоначу стага.
ХІинца Мансур велавелира.
– И хьан карахь гІуллакх дац. Баркалла шуьшинна! Шу-м тхойшинна гІо дан гІертара. Амма, шуна мел чІогІа лаарх, xІapa ши де дІадаьлча, тхойшиннах жоп далалур дац шуьшинга.
Шаьш бохург ца хуьлий хиъча, йуьстах а даьлла, дехха къийсира цаьршимма. ТІаккха йуха а тІедеара.
– Тховса мичахь Іийр ду шу? – хаьттира стага.
– Хаац. Дитахь, чайхана чохь Іийр ду, ца дитахь – кхузахь ца Іийча а девр дац.
– Вася, цаьршингахь ахча ма дац, – элира йоІа, шен накъостан лере а таьІна.